Абазойн мотт
Абазойн мотт | |
---|---|
Шен цӀе | Абаза бызшва |
Пачхьалкхаш | Росси, Туркойчоь |
Регионаш | Кхарачой-Чергазийчоь |
Официалан статус | Кхарачой-Чергазийчоь |
Мотт буьйцурш | 50 000 гергга |
Рейтинг | 52 |
Статус | дӀабала кхерамехь бу[1] |
Классификаци | |
Категори: | Кавказан меттанаш |
Къилбаседакавказан тӀехулара доьзал (массара а къобалбанза бу) |
|
Йоза | кириллица (абазойн йоза) |
Меттанийн кодаш | |
ГОСТ 7.75–97 | aba аба 005 |
ISO 639-1 | — |
ISO 639-2 | — |
ISO 639-3 | abq |
WALS | abz |
Atlas of the World’s Languages in Danger | 1077 |
Ethnologue | abq |
ELCat | 1415 |
IETF | abq |
Glottolog | abaz1241 |
Абазойн мотт (абаз. абаза бызшва) — абазойн мотт, йукъабогӀу Кавказан абхазийн-адыгийн меттанийн тобанера абхазийн-абазойн генна.
Абазойн мотт тахана бисина коьртаниг Кхарачой-Чергазийчохь, цигахь республикин пхеа официалан меттанех цхьаъ бу.
Россехь абазойн мотт буьцучеран барам, Йерригроссийн нах багарбарна (2010) жамӀашца[2], 37 831 ст. хилира, Туркойчохь 10 000 ст. гергга ву (1995)[3].
Абазойн мотт абхазхойн маттана уггар уллора бу.
Меттадакъошна декъадалар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Меттадакъа шиъ ду: тапантан а, ашхарауан а.
- ашхарауан меттадакъа:
- кувин лиер
- апсуй лиер
- ашуйн меттадакъа:
- кубан-эльбурганан лиер
- цӀиечумалхбален лиер
Меттадакъойн башхаллаш йу фонетикан системехь а, лексикин а, грамматикин а системашкахь а. ХӀора меттадекъахь гучудолу шишша лиер. Вовшех цакхетаран бала лакхахь дийцинчу меттадакъойн бац.
ХӀинца долчу меттанех абазойн маттана уггар уллора бу абхазхойн мотт. Меттан говзанчаша дийцарехь, протоабазойн мотт къаьстина протометтах (абазойн а, абхазойн а йукъара да) VIII—XII бӀешерашкахь.
Дукхаха болчу талламхоша лору ашхарауан меттадакъа широ хилар а, абхазхойчунна уллора хилар. Хила тардолийта, ашхарауа (хӀара меттадакъа лелочийн дай) маццах йукъарчу этносан тобанах (абхазхойн а, абазойн а дайшах) а къаьстина, къилбаседехьа болабелла тапантел (кхин субэтносан тоба — тапантан меттадакъа лелориш) тӀаьхьа, цундела ашхаруан меттадекъо лардина алсама йукъара сипташ гергарчу абхазхойн меттаца.
Йоза
[бӀаьра нисйан | нисйан]Дуьххьара абазойн меттан йоза дан — Ӏарбийн элпийн бух тӀехь — гӀоьртира Микеров Ӏумар XIX бӀешеран шолгӀачу декъехь[4]. Латинин бух тӀехь йоза дина 1932 шарахь (цуьнан автор вара Т. З. Табулов), ткъа 1938 шарахь дехьадаьккхина кириллице, иштта кеп йу цуьнан[5]:
А а
а |
Б б
бы |
В в
вы |
Г г
гы |
Гв гв
гвы |
Гъ гъ
гъы |
Гъв гъв
гъвы |
Гъь гъь
гъьы |
Гь гь
гьы |
ГӀ гӀ
гӀы |
ГӀв гӀв
гӀвы |
Д д
ды |
Дж дж
джы |
Джв джв
джвы |
Джь джь
джьы |
Дз дз
дзы |
Е е
йэ |
Ё ё
йо |
Ж ж
жы |
Жв жв
жвы |
Жь жь
жьы |
З з
зы |
И и
и |
Й й
йы |
К к
кы |
Кв кв
квы |
Къ къ
къы |
Къв къв
къвы |
Къь къь
къьы |
Кь кь
кьы |
КӀ кӀ
кӀы |
КӀв кӀв
кӀвы |
КӀь кӀь
кӀьы |
Л л
лы |
Ль ль
льы |
М м
мы |
Н н
ны |
О о
ъоу |
П п
пы |
ПӀ пӀ
пӀы |
Р р
ры |
С с
сы |
Т т
ты |
Тл тл
тлы |
Тш тш
тшы |
ТӀ тӀ
тӀы |
У у
уы |
Ф ф
фы |
Х х
хы |
Хв хв
хвы |
Хъ хъ
хъы |
Хъв хъв
хъвы |
Хь хь
хьы |
ХӀ хӀ
хӀы |
ХӀв хӀв
хӀвы |
Ц ц
цы |
ЦӀ цӀ
цӀы |
Ч ч
чы |
Чв чв
чвы |
ЧӀ чӀ
чӀы |
ЧӀв чӀв
чӀвы |
Ш ш
шы |
Шв шв
швы |
ШӀ шӀ
шӀы |
Щ щ
щы |
Ъ ъ
ъы |
Ы ы
ы |
ь
ь |
Э э
э |
Ю ю
йу |
Я я
йа |
Кхарачой-Чергазийчохь абазойн маттахь арадолу «Абазашта» цӀе йолу газет.
Лингвистикан амалш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Фонетика а, фонологи а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Абазойн мотт консонантан тайпана меттанашха бу. Маттахь коьрта мукъа аьзнаш шиъ бенн дац — «а», «ы». Ассимиляцин бух тӀехь а, «а», «ы» ахмукъа аьзнех цхьанакхетарехь а довлу кхин мукъа аьзнаш — «е», «о», «и», «у». Мукъаза аьзнийн система дукха чолхе йу. Абхазхойн-адыгийн меттанийн специфика йу шакарца-хише спиранташ, ткъа кхин а лабиализации йина фонемаш, уьш амалехь йу хӀора спирантийн могӀанна, цундела кхоллало шортта фонологин оппозицеш лабиализаци йолуш/лабиализаци йоцуш билгалонашца.
Морфологи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Билгалйовлу лексикан-грамматикин дешнийн тайпанаш: цӀердешнаш, билгалдешнаш, цӀерметдешнаш, хандешнаш, причастеш, деепричастеш, куцдешнаш, дештӀаьхьенаш, союзаш, айдардешнаш.
Хандош хенийн чолхе система йолуш ду, саттамаш а, дикка дукха префикскепара кечйина грамматикин категореш (каузатив, союзалла, кхин а) а йу.
ЦӀердешнийн йу билгалаллин, билгаллаланза, цхьааллин кепаш. Синтаксикан йукъаметтигаш (масала, цӀерниг, эргативнаг, лург) билгалйохуш дожараш цахиларна, цхьадолчу дожарийн кепийн йуьхь йу.
Йаххьийн цӀерметдешнаш а, йаххьийн цӀерметдешнийн префиксаш а декъало дукха хьолахь 3 классан: божарий, зударий, хӀуманаш а, Ӏаламан хиламаш а, наггахь 2 классан (адам а, хӀуманаш а, Ӏаламан хиламаш).
Синтаксис
[бӀаьра нисйан | нисйан]Мотт кхианчу синтетикан могӀанера бу. Аламан чохь хила таро йу цхьанне шиъ йа масех ша-шен классийн префиксаш, меттиган дешхьалхенаш, кхин а, ткъа иштта даран йа хьолан тайп-тайпана беснаш гойту суффиксаш. Дешнийн низам: подлежащи, нийса кхачам, алам. Ша-шен классийн префиксаш аламехь хийцало дехьадаларх, цадаларх доьзна.
Предложенехь дешнийн низам хила тарло маьрша а, чулацаме а. ТӀетуху предложенин функци кхочушйо дукха хьолахь причастис, деепричастис, кхин хандешан инфинитиван кхолламаша.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Красная книга языков ЮНЕСКО
- ↑ Информационные материалы об окончательных итогах Всероссийской переписи населения 2010 года Архивйина 2021-10-06 — Wayback Machine
- ↑ Ethnologue report for Abaza
- ↑ Алексеев М. Е. Абазинский язык // Большая российская энциклопедия / С. Л. Кравец. — М: Большая Российская энциклопедия, 2005. — Т. 1. — С. 7. — 768 с. — 65 000 экз. — ISBN 5-85270-329-X.
- ↑ Абаза-урышв ажвар / В. ТӀыгв. М., «Советская Энциклопедия», 1967
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Оьрсийн маттахь
- Генко А. Н. Абазинский язык: Грамматический очерк наречия Тапанта. — Москва-Ленинград: АН СССР, 1955.
- Ломтатидзе К. В. Тапантский диалект абхазского языка (с текстами). — Тбилиси: Издательство Академии наук Грузинской ССР, 1944.
- Ломтатидзе К. В. Ашхарский диалект и его место среди других абхазско-абазинских диалектов: С текстами. — Тбилиси: Издательство Академии наук Грузинской ССР, 1954.
- Мальбахова-Табулова Н. Т. Грамматика абазинского языка: Фонетика и морфология / Карачаево-Черкесский НИИ. — Черкесск, 1976. — 352 с. — 700 экз. (в пер.)
- Шагиров А. К. Абазинский язык // Лингвистический энциклопедический словарь / Гл. ред. В. Н. Ярцева; Институт языкознания АН СССР. — М.: Советская энциклопедия, 1990. — С. 9. — 688 с. — 150 000 экз. — ISBN 5-85270-031-2. (в пер.)
- Чирикба В. А. Абазинский язык // Языки Российской Федерации и соседних государств: Энциклопедия в 3-х томах / Ред. коллегия: В. Н. Ярцева (предс.), В. А. Виноградов (зам. предс.), В. М. Солнцев, Э. Р. Тенишев, А. М. Шахнарович, Е. А. Поцелуевский (отв. секр.), Г. А. Давыдова; Институт языкознания РАН. — М.: Наука, 1997. — Т. 1 (А—И). — С. 1-8. — XVI, 432 с. — 1000 экз. — ISBN 5-02-011237-2. (в пер.)
- Кхечу мехкийн меттанашкахь
- Allen W.S. Structure and system in the Abaza verbal complex. In: Transactions of the Philological Society (Hertford), Oxford, 1956, p. 127—176.
- Bouda K. Das Abasinische, eine unbekannte abchasische Mundart. In: ZDMG, BD. 94, H. 2 (Neue Folge, Bd. 19), Berlin-Leipzig, 1940, S. 234—250.
- O’Herin B. Case and agreement in Abaza. Summer Institute of Linguistics, September 2002.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Газета на абазинском языке Архивйина 2014-08-14 — Wayback Machine
- Абазинско-русский и русско-абазинский онлайн словари
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |