Андромеда (седарчийн гулам)
Андромеда | |
---|---|
лат. Andromeda (д. д. Andromedae) | |
Дацдар | And |
Символ | Андромеда, зӀенца зуда |
Дуьххьал тӀебалар | 22h 52m тӀера °2h 31m кхаччалц |
ОхьатаӀар | +21° тӀера °+52° 30′ кхаччалц |
Майда |
722 кв. градус (19 меттиг) |
Видимо в широтах | +90° тӀера −37°. кхаччалц |
Уггаре къегина седарчий (седарчийн гуш болу барам < 3m) |
|
Метеоран Ӏовраш | |
Лулара седарчийн гуламаш | |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Андроме́да (лат. Andromeda) — седарчийн стиглан къилбаседа эхиган седарчийн гулам. Йукъахь ду бӀаьргах хӀумма а ца йоьллича а гуш долу, X бӀешарахь дуьйна девзаш долу седин шолгӀа бараман кхо седа а, Андромедин спиралан галактика а (M31).
Андромедин тача
[бӀаьра нисйан | нисйан]Седарчий гуламера ладаме объект — спиралан галактика Андромедин тача (М31) шен спутникашца — буйдолаган галактикашца М32 а, NGC 205 (M110) а. бутт боцучу буса иза го бӀаьрга а сен йукъаметтигца 1° кӀеззиг сов Андромедин ν седин малхбузехьа. Иза, Къилбаседа эхиган полюсан а, барамера а шораллашкахь гуш йолу цхьаъ бен йоцу галактика йу, иза а халла го (цуьнан седин барам 3,44). Цуьнан тидам бина X бӀешарахь гӀажарийн астрономо Ас-Суфис, цуо олуш хилла цунах «жима марха», Европехь иза дуьххьара хьахийна Симон Мариуса XVII бӀешарахь. Иза вайна уггаре гергара спиралан галактика йу, генахь йу 2,2 млн серлонан шо гергга. Цуо дагайоуьйту уозийна овал, хӀунда аьлча цуьнан экъа йерриг 15° бен таьӀна йац бӀаьрга зӀенарна, хетарехь, иза тера йу вайн Галактикех, диаметр 220 эз. серлонан шо гергга йу, цунна чохь 300 млрд гергга седа бу.
Кхин хаза объекташ
[бӀаьра нисйан | нисйан]- хийцалун седа Андромедин R къегар хийцадаларан амплитудица 9 седин барамца.
- даржийна седин гулдалар NGC 752.
- планетийн тача NGC 7662.
- WASP-1 — экзопланетица седа.
- Аламак — беа седанах лаьтта шала седин система, цуьнан ши компонент къаьста ишколан телескоп чухула[2].
ЦӀе схьайалар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Уггаре шира седарчийн гуламех цхьаъ. Йукъатоьхна Птолемей Клавдийн седарчийн стиглан каталоган «Альмагестан».
Желтойн мифашца, Андромеда эфиопин паччахьан Кефейн (Цефейн) а, паччахь-аьзнин Кассиопейн а йоӀ хилла. Иза дас, мохк хӀаллакбечу хӀордан Ӏаламатан Китан (кхечу версешца, Кетон) сагӀийна дӀайелла, амма кӀелхьарайаьккхина Персейс. Йеллачул тӀаьхьа цунах хилла седарчийн гулам. Масех лулара гуламашна (Персей, Кассиопея, Кит, Цефей) иштта оцу мифан персонажийн цӀераш йелла.
Тидам бар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Гаран уггаре дика хьелаш сентябрехь — октябрехь ду. Седарчийн гулам лаха атта бу, гуьйренан сарахь стиглан къилба агӀора Пегасан Йоккха Квадрат лехча. Цуьнан къилбаседа-малхбален сонехь лаьтта Альферац (Андромедин α) седа, цунна тӀера къилбаседа-малхбалехьа, Персейн агӀора, дӀасайоьду, Андромеда йен, седарчийн кхо зӀе. Цуьнан уггаре къегина, седин 2-гӀа барам болу, кхо седа — Альферац, Мирах, Аламак (Андромедин α, β, γ), цу тӀе Аламак — шала седа. Альферац седех кхин а олу Альфарет, Альферрац йа Сиррах; цуьнан йуьззина Ӏаьрбийн цӀе «Сиррах аль-Фарас», иза «говран цӀонга» бохург ду (хьалха иза наггахь Пегас седарчийн гуламан йукъатухура Пегасан δ цӀе йолуш). Седарчийн гулам го Российн берриг махкахь, цу тӀе цуьнан къилба кӀошташкахь зенитан областехь кульминаци хуьлу.
Хьажа кхин а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Андромедиды // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- ↑ Зигель Ф. Ю. Сокровища звёздного неба: Путеводитель по созвездиям и Луне. — 5-е изд. — М: Наука, 1987. — С. 100. — 296 с.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Андромеда, созвездие // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Андромеда . wikisky.org. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 5 ноябрь. Архивйина 2012 шеран 6 ноябрехь
- Андромеда . Астромиф. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 5 ноябрь.