Чулацаман тӀегӀо

Социализм

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Социализм (латинан маттера socialis «йукъараллин» дош ду) - социалан нийсалла йолу йукъаралла дӀахӀоттор Ӏалашо йолу политикин идеологи а, болам а бу. Йуьхьанцара социализман Ӏалашо йара йукъараллин нийсоне кхача, йа мел лахара а нийсазалла (нийсо цахилар) лахдар, къаьсттина марксизман боламийн Ӏалашо йара социалан классаш йоцу йукъаралла кхоллар.

Шуьйрачу маьӀнехь социализм политикин тенденци санна билгалйоккху. Цуьнан коьрта принцип йу харцонца къийсам латтор а, цхьаьнатовн социалан организаци йолу дуьне кхоллар а. Экономикин хьесапехь социализман билгало йу экономика а, индустрийн гӀирсаш а, тӀаьхьалонаш (ресурсаш) дӀасадекъар а шен тергоне эцар. Контексте хьажжина социализм хила тарло идеологи а, экономика а, политикин дӀахӀоттам а, социалан кхоллам а санна.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]